Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн тхьамданаша Делан цІа даран балха тІехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Іидун кІант волчу Закри-ЯхІус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хІиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тІедиллинарг. ХІара къа шуна хІаллакьхиларна хир ду. И къа, хероно боькъу лекха пен санна, дІасашорлур ду. Шу санна болу и пен охьабожа боллуш хир бу. ТІаккха цІеххьана пен охьабужур бу. Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Іу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахІоттае и гІала!’ Делан цІийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дІахІоттабе!’“» Везачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна, Хьо кІелхьарвоккху хан тІееача, гІо дийр ду хьуна. Ас Іалаш а, лар а вийр ву Хьо, Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу, латта меттахІотто а, дассаделла дакъош юха шун долахь хилийта а, Цара шира херцораш юхаметтахІиттор ю, тоххара дуьйна йохийна меттигаш тойийр ю. Дуккха а тІаьхьенашкара дуьйна яссийна лаьтташ йолу гІаланаш карлайохур ю цара. «Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахІоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дІа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дІахІоттор ду иза.
Выбор основного перевода