Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо иза лаьттан локхаллина тІехь леладойтура. Цо иза аренаш тІехь хьалаяьллачух дузадора, тІулгах схьа долу моз а, чІогІачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна. Нагахь, Соьга ла а доьгІна, Ас бохург аша тІеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша. Ткъа, Сох дІа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дІакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тІехь а, ГалІадехь а дузур ду.
Выбор основного перевода