Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Мел дика ду хьо сан цІийх а, синах а волуш!» – элира Лабана Якъубе. Лабан волчохь дийнна баттахь Іийра Якъуб. Тхо схьадевлла къам тхан вежарий схьабевлларг ду. Тхан кІентий а церан кІентий санна дика бу. Амма тхо тхайн кІентий а, йоІарий а лолла дІадала дезаш ду. Цхьадолу тхан зудабераш хІинца а лоллехь делахь а, тхан йиш яц уьш паргІатбаха, хІунда аьлча тхан кхаш а, кемсийн бошмаш а кхечеран карахь ю». ТІедуха хІума цахиларна стага бала хьегар а, къечу стагана тІетаса хІума цахилар а сайна гича, Цо адамашна гІело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хІума а дІало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хІума а ло, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а ло. адамашна цо гІело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дІа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хІума а лахь, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а цо лахь, хІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хІума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІеийцира.
Выбор основного перевода