Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкахь Іан цига дІабаханчу яхІудхойх дийна бисинчарах цхьа а кІелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхІуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Іожаллех кІелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цІа воьрзур вац“». ТІаккха шайн зударша кхечу деланашна сагІанаш дохуш хилар хууш болу массо а божарий а, цигахь лаьтташ болчу зударшца цхьаьна Ярми-ЯхІуга бистхилира. Цигахь йоккха адамийн тоба яра. Царна юкъахь бара къилбаседехьара а, къилбехьара а Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой. Цара Ярми-ЯхІуна жоп делира: «Оха ладугІур дац ахьа Везачу Элан цІарах тхуна беанчу хааме. Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цІеран а, чагІаран а сагІанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хІума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тІе вонаш а ца догІура. Уьш чІогІа аьрха а, къиза а дегнаш долуш бу. Ас уьш болчу вохуьйту хьо. Ахьа цаьрга дІаала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“ Ткъа Исраилан халкъо хьоьга ладугІур дац, хІунда аьлча цунна Соьга ладогІа а ца лаьа. Дерриг а Исраилан халкъ атта къар ца луш а, чІогІа дегнаш долуш а ду.
Выбор основного перевода