Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малхбалера волу стаг хьан самаваьккхина, иза дІавахханчохь цуьнга толам а боккхуьйтуш? Цо халкъаш цуьнан кара дІало, паччахьаш цунна муьтІахь бойту. Цуьнан туьро царах чан йо, цуьнан Іедо уьш дІасакхуьссу, мохо ча дІаса ма-кхоссара. Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду, дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду. Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна? Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина? Шайн тешаш балабайта цаьрга, уьш бакъхилар гайта а, церан дешнаш дІахезча, кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а. Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дІакховдаде. ГІуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КІелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац. Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хІинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Іалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду. Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю. Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву, Сан Іалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама. Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду. Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду. «ТІелата Мератайман лаьттана а, Пакхудан бахархошна а. Царна тІаьхьа а бевлла, уьш кхоччуш хІаллакбе, – боху Везачу Эло. – Аса шайна тІе мел диллинарг де. ТІеман а, боккхачу бохаман а гІовгІа ю массо а махкахула схьахезаш ерг. Ма йохийна, кагйина дІаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна! Ас гураш доьгІнера хьуна, Бавел, хІинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дІалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дІалаьцна. Везачу Эло Шен дІадуьллийла йолчуьра оьгІазаллин герзаш схьаэцна, хІунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан дан дезаш гІуллакхаш ду хашадхойн лаьтта тІехь. Массо а маьІІера Бавелна тІе гІорта! НеІарш а кегъеш, схьаелла церан ялта Іалашдо меттигаш! Бавелах хоттан саьлнаш е! Массо а хІума, буха ца дуьтуш, дохадай, дІадаккха. Массо а тІемалой, байий, дІабаха! Стерчий санна, байархьама дІабига уьш! Къа ду церан! Царна таІзар дан деза де тІекхаьчна». (КІелхьардовлархьама Бавел-махкара дІаидинчу адамаша бохучуьнга ладогІа! Цийон-лам тІе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цІенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.) «Бавел-гІалина тІелата схьакхайкха массо а секхаІад карахь долчаьрга. Схьаваийта хІора секхаІад дула хууш верг. ГІалина го бе, цигара цхьа а ведда кІелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хІунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу!
Выбор основного перевода