Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира Шайн цІушка тоьшаллаш даладайта, цаьрга хиндерг дийцийта тхуна. Хиллачух лаьцна тхо кхетадайта цаьрга, цунах лаьцна тхоьга ойланаш яйтархьама а, иза чекх муха дер ду тхуна хаийтархьама а. Я хиндолу хІуманаш схьакхайкхадайта тхуна. Хьовсал, хьалха аьлларг кхочушхилла. ХІинца керланиг кхайкхор ду Ас. Иза хилале, Ас хоуьйтур ду шуна». Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду, дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду. Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна? Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина? Шайн тешаш балабайта цаьрга, уьш бакъхилар гайта а, церан дешнаш дІахезча, кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а. Ас шира халкъ дІанисдинчу заманахь дуьйна хилларг Со воцучуьнга кхин хьаьнга кхайкхалур а, дІадийцалур а, Суна хьалха охьадиллалур а дара? Хиндолчу гІуллакхех лаьцна аьлча, хиндерг дийцийта цуьнга! Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хІокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дІакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХІан-хІа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а». Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дІакховдаде. ГІуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КІелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац.
Выбор основного перевода