Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. ХІунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХІинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дІакхелхича, кхин а чІогІа иштта хир дац ткъа шу? ХІинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтІахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цІенна тІе дуьйла. Шайн Везачу Далла гІуллакх де, тІаккха Цо Шен чІогІа йолу дералла шуна тІера дІайоккхур ю. Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара. Уьш чІогІа аьрха а, къиза а дегнаш долуш бу. Ас уьш болчу вохуьйту хьо. Ахьа цаьрга дІаала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“ Ткъа Исраилан халкъо хьоьга ладугІур дац, хІунда аьлча цунна Соьга ладогІа а ца лаьа. Дерриг а Исраилан халкъ атта къар ца луш а, чІогІа дегнаш долуш а ду. Амма Аса хьо, уьш санна къар ца луш а, чІогІа дог долуш а вина, дІахІоттор ву. Алмаз тІулгал а чІогІа ду, иштта чІогІа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а».
Выбор основного перевода