Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хІорда тІехула леларш, хІорда чуьра дерриг а дийнаташ, хІордан йистера мехкаш а, царна тІехь Іаш берш а. Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. Яккхийейша, хазахетарца цхьаьна эшарш лакхийша, Ярушалайман херцораш! ХІунда аьлча Везачу Эло Шен халкъан догъэцна, Цо мах баларца паргІатъяьккхина Ярушалайм. ДІадуьло, дІадуьло, арадовла цигара! Боьхачух дІа ма хьакхало. Арадовла цу чуьра, шаьш цІанде, Везачу Элан пхьегІаш лелош дерш! ДІагІо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дІахІотта. Довдий, дІагІо Бавелера, хІораммо а шайн синош кІелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хІаллак ца хила. ХІара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггІург дІало зама а ю. Арадала Бавелера, Сан халкъ! ХІораммо а шен са кІелхьардаккха Везачу Элан чІогІачу оьгІазлонах. ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.
Выбор основного перевода