Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Со Сайн цІе лелош йолчу гІалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таІзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тІехь мел болчу нахана таІзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Сан Дела! ДІахазахьа, Хьайн лерг схьа а дерзадай, хьажахьа, Хьайн бІаьргаш дІа а беллий, тхуна хиллачу бохаме а, Хьан цІе йоккхуш йолчу гІалане а, хІунда аьлча тхайн доІанаш до оха Хьуна хьалха, тхан бакъхилар бахьана а доцуш, ткъа Хьан боккхачу къинхетаме сатуьйсуш. Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тІетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тІе бала богІур ма бац!» – бохуш. Ткъа хІинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хІун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа. Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дІабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтІахь бац. Цхьана а тайпана дика гІуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.
Выбор основного перевода