Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Сайн цІа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дІахІоттор ю Аса, ткъа нехан кІентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цІе лур ю Ас царна». «Ас кхуллур йолу керла стигал а, керла латта а, гуттар а Суна хьалха лаьттар долуш ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта шун тІаьхье а, цІе а даим юьсур ю. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, ягар ца яллал дукха тІаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гІуллакх деш болчу левихошна а“». Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хІордан гІум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга.
Выбор основного перевода