Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЭхІ-хІай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама! ЭхІ-хІай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш, тІаккха уьш дикка кхетар бара, шайна хиндерг къастор дара цара! Сан халкъо мукъана Соьга ладогІахьара, Исраилан халкъ Сан некъашца лелахьара! qac Шqac*ортта синпаргІато ю Хьан товрат-хьехам безачийн, ткъа уьш тасабалийта я галбовлийта хІумма а дац. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Лаьтто шен ялта кхиоре терра а, бешо стоьмаш хьалабахаре терра а, Везачу Эло нийсо кхуьуьйтур а ю, массо а халкъашна хьалха Шена хастамаш бойтур а бу. ХІунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Ас машар хоьцур бу шуна тІе, догІу хи санна, халкъийн хьал схьахоьцур ду, хи тІедаьлча догІу татол санна. Шу декхар а ду, карахь а лелор ду, голаш тІехь хьоьстур а ду. Цо элира: «Маржа-яІ! ХІокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хІун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бІаьргех.
Выбор основного перевода