Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хІинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина. Веза Дела, Ахь зийна тхо, цІергахь лала а деш, цІандо дети санна, цІан ма дина Ахь тхо. Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «ЦІарца санна цІандийр ду Ас Сайн халкъ, Іазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам. Кхин хІун далур ду те Соьга царна, Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна? Оцу бертан тІедожорш Аса шун дайшна тІедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догІий, Аса шуьца бинчу бертан тІедожорш кхочуш а де, Аса шуна тІедехкинчуьнга хьаьжжина. ТІаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву. «Адаман кІант! Исраилан халкъ Суна хьалха боьханиг санна хилла дІахІоьттира. Кхерчахь тІехула хІутту гІели а, цІаста а, эчиг а, даш а санна хилира иза. Дети кхерчахь цІандинчул тІаьхьа дисина долу боьханиг санна ду и халкъ! Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шу боьханиг санна хилла дІахІиттина дела, Ас шу дерриш а Ярушалаймана чу схьагулдийр ду. Дети а, цІаста а, эчиг а, даш а, гІели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цІе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гІалина чу а дехкина, лалор ду. Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгІазаллин цІеран Іаь тухур ю шуна тІе, тІаккха шу цу юкъахь лелар ду. ЦІергахь лелаш долу дети санна, шу а лелар ду цу юкъахь. ТІаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со вуйла, шуна тІе Сайн дералла йоссийнарг“». И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама. Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.
Выбор основного перевода