Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лоьман бага вахарх кІелхьарваккхахьа со, акхачу бугІанан маІех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла! ДІатедехьа Ахьа Мисаран халкъ, эрзана юкъарчу экханах тераниг, эсий санна долчу халкъашна юкъахь стерчийн бажа санна долу, шен долахь долчу деших тамаш бийриг. Цара, кортош охьа а таІийна, Хьуна шайн дато гІорзанаш йохьийла. ДІасатийсахьа Ахь тІом безаш долу халкъаш. Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бІаьрзе а де, бІарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагІаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза. Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду. Шайн цІийно бахор бу уьш, чагІаро санна. ТІаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а, хьо КІелхьарйоккхург а, мах баларца хьо ПаргІатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла». ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду.
Выбор основного перевода