Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Іоьттинчарна а, Іинан тІулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Іуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. Адаман кІант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дІаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагІа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагІа ду, цигара дилха а даа, цІий а мала. Къилбаседехьара деана эскар Ас шуна генадоккхур ду. Хи доцучу, баьссачу махка дІаэккхор ду Аса иза. Цуьнан хьалхара арданг Малхбале хІорда чу кхуссур ю, ткъа тІаьхьарниг – Малхбузе хІорда чу. ТІаккха цунах цхьа боьха хьожа йогІур ю, яхкаеллачу хІуманийн боьха хьожа хьалаетталур ю, цо шуна сийлахь гІуллакхаш дарна. Аша дІадаа паччахьийн а, тІеман коьртачу хьаькамийн а, тІемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргІат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цІеяхначийн а дилха а».
Выбор основного перевода