Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира Везачу Эло элира: «ХІинца, ваха а гІой, экъан тІехь дІаязде иза царна, тептар тІе язде, тІейогІучу ханна, гуттаренна а иза дисийта. Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю, ткъа дерриге а адамашна иза гур ю, хІунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза». Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац.
Выбор основного перевода