6
Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан.
И Эдомера вогІург мила ву? Мила ву иза, цІен оба а юьйхина, Бацарера вогІург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кІелхьардаха нуьцкъала а волуш».
Аса Сайх чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гІала йохийна хилла дІахІуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цІе а йоккхуш, неІалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю».
Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дІасовца! ХІунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагІина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш.