Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦІенош бухІанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю. Акха жІаьлеш угІур ду дІатесна йолчу цуьнан бІаьвнашкахь, ткъа чангІалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гІаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац». ГІайгІа е тІехь коканан коьллаш а, кІохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цІенойх а, йоккхаеш хиллачу гІаланах а. «Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». ЛадогІа хІокху схьайогІучу гІовгІане! Мохк бегош санна йолу гІовгІа къилбаседерчу махкара схьакхочу! Цуьнан эскаро ЯхІудан гІаланех яьсса аре йийр ю, царах чангІалкхийн баннаш хир ду. Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь.
Выбор основного перевода