Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ямартчун гІуллакхаш зуламе ду: цо ямартло ян ойла йо, къениг харц дешнашца хІаллаквархьама, и къениг нийса воллушехь. Ткъа хьаналчо ойла а хьаналниг йо, дерриге а цІена долчунна тІехь лаьтта иза. Стигаларчу ницкъашна тІелаттал чІагІ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо. Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. «Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю. «Амма оцу деношкахь, и баланаш тІехІоьттинчул тІаьхьа, „малх кхулур бу, батто а серло лур яц, Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду. ЦІеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тІера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тІе охьаийгира. Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дІа а хьаьрчина, дІахьулъелира. ХІора лам а, гІайре а меттахъяьккхира.
Выбор основного перевода