Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча зулам долуьйтурш хІаллакбийр бу, ткъа Везачу Эле сатийсар долчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду. Хийра халкъаш царна хьалхара дІалаьхкира Цо, церан латта Шен халкъана дІа а кхочуьйтуш. Исраилан халкъ шайн хІусамаш чохь даха хаийра Цо. Дийнахь а, буса а дІа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кІур хир бу цунна тІера хьалаоьхуш. Массо а тІейогІучу тІаьхьенехь дІатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гІур вац цунна тІехула дІа. Куьйранаша а, зуьнаша а дІалоцур ду и латта, ткъа бухІанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. Иштта кхаж баьлла хьан, Аса хьуна билгалбаьккхина кхоллам бу иза, – боху Везачу Эло, – Со виц а вина, харцделанех хьо тешна Іаш хиларна.
Выбор основного перевода