Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нІаьна а лийр бац, уьш багош йолу цІе дІа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш». Мисар-махкахула я адаман, я дийнатан ког а ловзур бац. Шовзткъа шарахь цигахь цхьа а стаг хир вац вехаш. Нагахь санна Іесаван тІаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахІоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахІоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТІаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгІазло гуттаренна тІехь йолу халкъ“ эр ду». Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тІаьххьарчу шайнна тІекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дІаделла а бен». Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тІера даккха – заьІап а волуш, Далла гергахь вахар гІоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цІергахь а вогуш. Уьш хьийзош йолчу цІеран кІур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Іибадат а деш, цуьнан цІеран мухІар тІеэцначийн». ШозлагІа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тІейогІучу заманна а хир бу цу гІалина тІехула хьалатуьйсуш кІур».
Выбор основного перевода