Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогІуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хІаллакдархьама. ДІагІо, сан халкъ, хьайн хІусамаш чу а гІой, неІарш дІакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгІазалла дІаяллалц. ХІунда аьлча Веза Эла ву Шен хІусамера араволуш лаьтта тІехь бехачарна таІзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тІехь Іанийна долу цІий, кхин къайлабохур бац байина нах. Дуккха а адамаш дайар хиллачу дийнахь, бІаьвнаш йохийна хІаллакйича, хІора лекхачу лома а, хІора боккхачу гунна а тІера хин татолаш охьахьодур ду. Дуьненан цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц Іохкуш хир ду Везачу Эло хІаллакбинчеран декъий. Цхьа а стаг хир вац царна воьлхуш, цхьаммо а уьш, хьала а эцна, дІабухкур бац. Уьш лаьтта тІехь Іохкуш хир бу, кхо санна.
Выбор основного перевода