Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іанатин кІант Шамгар паччахьалла деш волчу хенахь а, ЯІалан заманашкахь а некъахой шайн эмкалийн ковранашца юьстахчу некъашкахула лелара, ткъа некъаш даьсса дара. ЯхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус Лахиш-гІала ашурхойн паччахьна тІе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Іадвитахьа со. Ахьа бохху ял дІалур ю аса хьуна». ТІаккха ашурхойн паччахьо яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна кхо бІе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тІедожийра. Цу тайпана Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дІаделира Хьузакх-ЯхІус. Везачу Элан цІа чохь ша дІахІиттийначу дешин неІаршна тІера а, неІарийн гураш тІера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дІаделира цо. Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен тІеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дІакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, дІахІиттира уьш. Латта шен бахархоша бехдина лаьтта, хІунда аьлча товрат-хьехамаш цара лар ца бора, Делан парзийн тидам ца бора, ткъа гуттаренна а бина барт цара бохабора. Коьрта некъ а хир бу цигахь, цунах «Деза долчун некъ» эр ду. Хьарам берш цу новкъахула гІур бац, сонта берш цунна тІехь кхерстар бац. Делан новкъахула леларш бен, уьш бен цу новкъахула лелар бац. Паччахьан цІийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тІе а духийтина, Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарна тІебахийтира цо.
Выбор основного перевода