Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна кхидІа а хІунда таІзар дан деза? Шу кхидІа а хІунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гІелделла ду. Когийн айрашна тІера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегІа тІехь. ДегІа тІехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьІнаш ду. Уьш цІан ца дина, дІа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама. Цо кІадвеллачунна ницкъ а ло, хІоьттинчунна гІора а ло. Сох лаьцна дуьйцур ду: „Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, – бохуш. Цунна тІе а баьхкина, юьхьІаьржачу хІиттина хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш. Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча хьан мостагІаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гІайгІа ма ца бо“». Цу заманахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхІудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хІунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса». Цу дийнахь Везачу Эло ярушалаймхой ларбийр бу. Царна юкъара уггар а гІорасиза верг а, Дауд-паччахь санна, ницкъ болуш хир ву, ткъа Даудан цІа царна хьалха Дела санна а, Везачу Элан Малик санна а хир ду. Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю,
Выбор основного перевода