Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Мискачунна Хьо волчохь дІалечкъийла хилла, холчохь волчу гІийлачунна Хьо кІелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ІиндагІ санна хилла, хІунда аьлча буьрсачу нехан садеІар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду. Цу дийнахь ЯхІуд-махкахь йиш локхур ю: «Тхан гІала чІогІа ю. Гонах долу пенаш санна а, арахула йолу чІагІонаш санна а, Везачу Эло тхуна кІелхьардовлар ло. Везачу Эло догІа доуьйтур ду аша лаьтта дІадийначу хІуьнна тІе, тІаккха шун ялта хьийкъина а, токхе а хир ду. Шуьйрачу дежийлашкахь дежаш дуккха а даьхни хир ду шун. Дуккха а адамаш дайар хиллачу дийнахь, бІаьвнаш йохийна хІаллакйича, хІора лекхачу лома а, хІора боккхачу гунна а тІера хин татолаш охьахьодур ду. Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хІунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дІабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тІе балор бу уьш. Хьалдолу Эла – сан ницкъ бу. Цо, сан когаш сен когаш санна а бо, со сайн лакхенашкахула а лоьлуьйту! Эшарш лоькхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хІара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.
Выбор основного перевода