Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхІу. Цул хьалха, я цул тІаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхІудхойн массо а паччахьашна юкъахь. Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дІатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а. Берриг а Сан безачу лам тІехь зен а, зулам а хир дац, хІунда аьлча, хино хьалабузу хІорд санна, Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта. Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гІалане Цийоне дІахьажал. Хьан бІаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чІагІдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац. Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш. Исраилан халкъ Везачу Эло кІелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кІелхьардаккхарца. ТІейогІучу хенахь цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац и халкъ. Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгІазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгІазалла къаьмнашка ла а ца ло. Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.
Выбор основного перевода