Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош. Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гІали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гІалина тІе а вогІур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо. Делахь а, бур-бур деш долчийн балдашкахула а, хийра мотт буьйцучаьргахула а Дала цу халкъе къамел дийр ду. Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тІелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. Аса хьо хьуна хууш боцу а, хийра а мотт буьйцучарна тІе ца вохуьйту, амма Исраилан халкъ долчу вохуьйту.
Выбор основного перевода