Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цамгар кхетта волу и виъ стаг, меттаматтана йисте а кхаьчна, четарех цхьанна чувелира. Цара яа а йиира, мала а мелира цу чохь. ТІаккха четар чуьра дети а, деши а, тІеюха бедарш а, схьа а эцна, дІа а бахана, и хІуманаш дІалачкъийра цара. Юха а бирзина, цара шолгІачу четар чуьра а еза хІуманаш, схьа а эцна, уьш а дІалачкъийра. Халкъо, ара а даьлла, арамхойн четарш чуьра ерриг а хІума схьаийцира. Везачу Эло ма-аллара, тоьллачу деман саьхьан мах цхьа шекхал, ткъа мекхан шина саьхьан мах а изза хилира. АстагІниг, сай санна, кхоссалур ву, мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу. Хиш яьссачу арахула дІахецалур ду, хин Іовраш эрначу арахула оьхур ю.
Выбор основного перевода