Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна хьалха дерг цІеро дагадо, цунна тІаьхьа дерг алуно морцу. Цуьнан хьалхара латта Іеданан беш санна ду, ткъа цунна тІаьхьарниг – яссийна аре ю. Цунах цхьа а хІума кІелхьардалалур дац. Цуьнан васт – дойн васт санна ду. Церан хахкадалар тІеман говрийн санна ду. Иза гІудалкхийн гІовгІанца санна, ча догуш лелха цІеран суйнаш санна, тІамана дІахІоттийна нуьцкъала эскар санна, лаьмнийн баххьашкахула хахкаделла лела. Иза шайна гича, дегор ду халкъаш, бос а байна, дІахІуьттур ю массеран а яххьаш. Къовсабелларш санна бовду уьш, пенашна тІе бовлу уьш, майра тІемалой санна. ХІора а шен-шен новкъа дІавоьду, шен некъа тІера ца вухуш. Вовшийн а ца хьоьшуш, хІораммо а шен некъ бо. Дуьхьалонашкахула уьш ма лелха, ткъа царна хІумма а ца хуьлу. ГІали чухула бевдда лела уьш, пенашна тІе хьалабуьйлу, цІеношна чу гІерта, къуй санна, корашкахула чулелха. «Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тІе. ЦІазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тІе ца дирзира шу. Цкъа сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна. Дала цІоз кхоьллира тІаьххьара буц хьалайолучу хенахь. И дара, цани тІера паччахьан декъана мангал хьаькхначул тІаьхьа, керла буц хьалайолуш. ЦІазо буц дІайиъна яьлча, ас элира: «Сан Хьалдолу Эла! Къинхетам бехьа! Якъубах схьадаьлла Хьан халкъ дийна муха дуьсур ду? Иза чІогІа жима ду-кх».
Выбор основного перевода