Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза дан бакъо ю, цІеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун. Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ, шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш, шен уллораниг емал а ца веш волчун. Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дІатеснарг бІаьрга ван а ца везаш, амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун. Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чІагІо йинехь, шен дашана тІера волуш воцучун. Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву. Шихьор-хин уллора кІа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тІехула цу гІали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гІаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира. Эхь хета, ЦІадан-гІала, хІунда аьлча хІордо – хІордан чІагІоно – боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кІентий а, йоІарий а ца кхиийна ас». qac Гqac*айтахьа суна Айхьа динчу омранийн маьІна, тІаккха ойла йийр яра аса Хьан тамашийначу хьехамех лаьцна.
Выбор основного перевода