Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен лаамехь волчунах бІаьрг ца бадабо Цо, ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту, лекхачу даржехь иза хилийтархьама. Ткъа хІинца, ва тхан Веза Дела, кІезигчу ханна тхох къинхетам бина Ахь. Ахьа цхьаболчарна йийсарех кІелхьардовла пурба а делла, Хьан долахь йолчу кху меттиге уьш дика охьа а ховшийтина. Ахьа тхан бІаьргаш схьадиллина, тхуна чу са а даийтина, йийсарера кІелхьара а даьхна. Хьекъал долчун дешнаш жаІуьнан хьокхий санна ду. Цхьана жаІуьно хьехна, гулдина хьекъале кицанаш дечигах диттина хьостамий санна ду. ЯхІудан халкъах массо а тайпана урхалчаш схьабевр бу. Уьш хир бу, са болу тІулг санна, къиза а, четаран хьостам санна, онда а, тІеман Іад санна, нуьцкъала а.
Выбор основного перевода