Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тІехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бІаьрхих дуьзна а ду. «Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Іало со, хІунда аьлча суна коьман маІа хезна, тІеман маьхьарий суна ма хезна. Цхьа бохам вукху бохамна тІаьхьа богІу. Массо а мохк дамардарц хилла Іуьллуш бу. ЦІеххьана сан четарш хІаллакдина, цуьнан шаршуш бІаьрганегІар тохале йоьхна. Сан коьртах хин хьоста хилла делара, сан бІаьргех хин шовда хилла делара! Дийнахь а, буса а воьлхур вара со, сан хьомечу къомах хІаллакбинчарна.
Выбор основного перевода