Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЧІагІйина гІала яссалур ю, цуьнан хІусамаш дІатесна хир ю, яьссачу арахь санна, адамаш а доцуш. Эса дежар ду цу меттехь, циггахь садоІуш а, гаьннаш тІера гІаш дууш а хир ду иза. ГІайгІа е тІехь коканан коьллаш а, кІохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цІенойх а, йоккхаеш хиллачу гІаланах а. Аренга Со араваьлча, туьро хІаллакбинарш го Суна, гІала Со чувеача, мацалло кІелбитинарш а го. Пайхамарш а, динан дай а бу лаьттахула кхетам дІабаьлла лелаш“». qac Хqac*ьажахьа Хьо, Веза Эла, Ахь хьанна и дина! Дезий те зударша шайн бераш даа, Шаьш дахар а делла, шаьш кхаьбна долу? Хьалдолчу Элан цІа чохь байъина хила безий те динан дай а, пайхамарш а?
Выбор основного перевода