Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьузакх-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гІуллакхех а, цо бинчу хи латтош болчу Іомах а, цо лаьтта кІелхула гІали чу хи далош аьхкинчу саьнгарх а лаьцна – дІаяздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гІали чуьра араделира. Иза дедда Іариба-тогІи чу дІадахара. Хьузакх-ЯхІус, шен баьччанех а, тІеман хьаькамех а дага а ваьлла, гІалин арахула долу хин хьостанаш дІадукъар юкъадалийра. Цара и дан гІо дира Хьузакх-ЯхІуна. Дуккха а наха, гул а белла, кІоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дІадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хІунда каро еза ашурхойн паччахьашна?» Церан тойнашкахь тайп-тайпанара дечиг-пондарш а, жиргІанаш а, зурманаш а, иштта чагІар а ду. Амма Везачу Элан гІуллакхашка ца хьовсу уьш, Цуьнан куьйгаша мел дийриг царна ца го. Везачу Эло ЕшаІ-ЯхІуга элира: «Хьо а, хьан кІант Шиар-Яшаб а Ахьазана дуьхьал гІо. Лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, хІуманаш юьттучеран аренга боьдучу новкъа вала ший а. Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар хьуна ца хезна те? Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина, хІинца иза Аса кхочушдина, чІагІйина гІаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш, царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш.
Выбор основного перевода