Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса чІагІо йо, цуьнан цІенна тІехь долу къинош муьлхха а тайпана даьккхинчу сагІанаша дІадохур дац аьлла». Сан лергашна хезаш берриг а ницкъийн Везачу Эло чІагІо йира: «Дуккха а долу и цІенош даьсса хир ду, даккхий а, хаза а долу уьш чохь Іаш нах а боцуш хир ду. цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггІуш дерг, – боху Везачу Эло. – Цара лаьмнаш тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягайора, гунаш тІехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гІуллакхашна доггІург Ас токхур ду царна“». Цу чохь цхьадолчу деношкахь бен ца даьхна аганара бер хир дац, иштта шен денош кхачдалаза воккха стаг а хир вац. БІе шо кхаьчна стаг велча, иза жима стаг ву моьттур ду. БІе шо кхаьчна къинош летийнарг веллехьара, цунна неІалт кхайкхийна моьттур дара. Адамийн КІантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хІума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бІешарахь а, я тІедогІун долчу бІешерашкахь а. Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тІе кхеттарш, стигаларчу совгІатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш,
Выбор основного перевода