Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша дийна волчу хенахь паччахьан тогІи чохь Абушалама ша-шена хІоллам хІоттийнера. ХІеттахь цо аьлла хилла: «ЦІе йиц ца яйта цхьа а кІант вац сан». Цу хІолламна цо шен цІе тиллина хилла. Тахана а, «Абушаламан хІоллам» аьлла, цІе йоккху цуьнан. Даудан гІалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дІавоьллира Аса. Хаза хьожа йогІучу хІуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тІе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цІе латийра. ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тІулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дІа а къевлина, иза дІавахара.
Выбор основного перевода