Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къедархойн майра тІемалой болчу Іадкхуссурхойх кІеззиг берш бен дийна буьсур бац», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло. Ондачу метте тоьхна хьостам санна, чІагІвийр ву Ас иза. Шен ден цІийнан сий ойур ду цо. Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю. Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву, Сан Іалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама. Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду. Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду. Амма хІорра а шен-шен кемсийн таьллангана кІел а, шен-шен инжиран дитта кІел а хиъна Іийр ву. Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза.
Выбор основного перевода