Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагІа доккхучу кхерча тІехь гІуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гІуллакх дийраш! ХІунда аьлча шун Делан цІа чохь лелош дац кІен а, чагІаран а сагІа даккхар. Дукха дезачу шайн берашна шаьш гІайгІанехь хиларна, шайн коьртара месаш дІаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха.
Выбор основного перевода