Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІима элира: «Новкъа Іуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хІутту, Хьалдолу Эла. Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дІа ца хьажало, хІунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. Цу даІ тІе хьакха кхийрачу пхьегІех йолу гериг схьа а эцна, овкъарш тІе охьахиира Аюб. «Со хьакъ вац – Хьуна жоп дала муха ваьхьар вара со? Сайн юьхь тІе куьг дуьллу ас, сайн багара дош ца далийтархьама. «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гІала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гІуллакхаш Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара.
Выбор основного перевода