Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аюбана хиллачу бохамах лаьцна цуьнан кхаа доттагІчунна хезира. Уьш шайн-шайн меттигашкара арабевлира: теманхо волу Элипаз а, шуахьахо волу Билдад а, иштта наІматхо волу Цупар а. Уьш вовшахкхийтира, Аюб волчу кадам бан а, цуьнан догъэца а бахархьама. Теманхо волчу Элипаза иштта жоп делира: Сан мостагІа харцонча санна лорийла, суна дуьхьал ваьлларг зуламхо санна хуьлийла. Иштта Аюбан кхаа доттагІчунна а оьгІазвахара ЭлихІу, хІунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира. Аюба иштта жоп делира Везачу Элана: «Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а, Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а. Ахь хаьттира: „Мила ву Сан Іалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг?“ Бакъду, со ца кхеташ долчу хІуманех лаьцна, сайна а ца хаъал дукха хала долчух лаьцна дуьйцура ас. Ахь элира: „Соьга ладогІа, Со вистхир ву. Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло“. Суна Хьох лаьцна хьалха дуьйцуш хезнера, ткъа хІинца сайн бІаьргашца гина Хьо суна. ХІинца со айса аьллачунна дохковаьлла, цундела ченашна а, овкъаршна юккъе а хиъна Іаш ву».
Выбор основного перевода