Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьепаран кІентан а, ГалІадан кІентан а, Макиран кІентан а, Маннашан кІентан а, Юсупан кІант волчу Цалпихьадан пхи йоІ яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. И зударий, гуламан четаран чуволлучу метте а баьхкина, Мусана а, динан дена ЭлиІазарна а, халкъан куьйгалхошна а, дерриг Исраилан халкъана а хьалха дІахІиттира. Цара элира: «Яьссачу арахь тхан да велира. Везачу Элана дуьхьалваьллачу Кхорахьна тІаьхьахІиттинчу нахана юкъахь вацара иза, ткъа шех даьлла къа бахьана долуш веллера иза. Тхан ден кІентий бацара. Тхан ден кІентий ца хиларна, цуьнан цІе дуьнен чуьра дІаяйа езий те? Тхан ден вежаршна юкъахь тхуна а лаьттан дакъа кхачийтахьара». Мусас и гІуллакх Везачу Элана тІедаьхьира. Везачу Эло Мусага жоп делира: «Цалпихьадан йоІарша нийса боху. Церан ден вежаршна юкъахь царна а лаьттан дакъа кхачийта. Церан дена догІуш хилла долу лаьттан дакъа цуьнан метта царна кхачаде. Ткъа Исраилан халкъана тІе а дуьллуш, хІара дІахьедар де: „Нагахь цхьаннан кІант ца хиллехь, иза велча, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан йоІана дІадала деза.
Выбор основного перевода