Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана дан хала хІумма а дуй? ХІан-хІа! Айса ма-аллара, Со бІаьста юхавогІур ву, цу хенахь Саратан кІант хир ву». ЯхІушаптис элира: «Тхан дайн Дела волу Веза Эла! Хьо вац ткъа стигалахь волу Дела? Хьо ву массо а халкъийн пачхьалкхашна тІехь олалла деш! Хьан карахь бу ницкъ а, чІагІо а! Хьуна дуьхьал цхьа а латталур вац! хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дІадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду? Цаьрга а хьаьжна, Іийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хІумма а дац». Цаьрга а хьоьжуш, Іийсас элира: «Иза адамашка далур долуш хІума дац, амма Деле далур ду, Дела дерриге а дан ницкъ болуш волу дела». Деле дан а ца луш хІумма а ма дац!» Іийсас жоп делира: «Адамашка ца далун дерг Деле далур ду».
Выбор основного перевода