Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!» ХІара дерриг а Цуьнан гІуллакхийн кІеззиг долу дакъа бен дац. Шабар-шибар дечу хенахь бен вайна Цунах лаьцна ца хеза! Ткъа Цуьнан ницкъан къекъар къасто хьенан хир яра йиш?» Ас элира: «Къа ду сан! ХІаллакьхили со! Сан бага цІена яц, цІена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Іаш а ву со, ткъа сан бІаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла». ХІинца тидам бе, Суна тІедуьйла! ЛадогІа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна. ШамІа-Кипас, и ган а гина, Іийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДІагІохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!»
Выбор основного перевода