Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Хьан долахь хилларг кІезиг хетар ду, хьан хинболу бахам алсам хир болу дела. Исраилан халкъана кІелхьардалар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахІоттийча, Якъубан тІаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахІоттийча, тхо гІенах лелаш санна дара. Шун юьхьІаьржачу хІоттаран метта лаьттан шозза дакъа лур ду шуна. Шу сийсаздахаран метта шайга кхаьчначух даккхийдеш хир ду шу. Иштта, шун махкахь шозза дакъа лур ду шуна, гуттаренна а долу хазахетар хир ду шун. буьрса цІе а йойуш, ирачу туьрах кІелхьар а довлуш, гІелделча, дегІе ницкъ а богІуш, тІамехь онда а хуьлуш, мостагІийн эскарш а лохкуш, хилла уьш. бІозза сов лур ду цІенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тІейогІучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду.
Выбор основного перевода