Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сан Іалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг мила ву? Алссам ду, сан Веза Дела, Ахь мел дина тамашийна гІуллакхаш а, тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а. Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара! Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна Ас дийцахь я кхайкхам бахь, церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара! Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Веза Эла! Куралла яц сан даг чохь, дегаллица сан бІаьргаш ца хьоьжу. Ас гІайгІа ца бо сийлахьчу хІуманийн а, со кхетачу тІех халачу хІуманийн а. Ма инзаре тамашийна ду Хьуна сох хууш мел дерг. И дерриге а довза сан ницкъ ца кхаччал лекха ду-кх иза.
Выбор основного перевода