Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аюбан ворхІ кІант а, кхо йоІ а дара. Цуьнан ворхІ эзар уьстагІ а, газа а яра, кхо эзар эмкал а, пхи бІе шуьста а, пхи бІе виркхел а, иштта дуккха а ялхой а бара. Иза малхбалехьа бехаш болчу массо а нахана юкъахь уггар а дукха хьал долуш волу стаг вара. Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цІа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу. Хьан долахь хилларг кІезиг хетар ду, хьан хинболу бахам алсам хир болу дела. Шен доттагІашна тІера Аюба доІа дича, Везачу Эло цунна беркат юхадерзийра. Цуьнан хиллачул а шозза дукха бахам белира цунна Везачу Эло.
Выбор основного перевода