Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІимна цуьнан зуда дІало, хІунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доІа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахІимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу». БалиІама Балакхе элира: «Кхузахь сагІа доккху ворхІ меттиг а кечъяй, ворхІ старгІа а, ворхІ ка а балабе суна». Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дІадаха Іамор ду. Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дІахьош болчу левихошна Дала гІо дарна, ворхІ сту а, ворхІ ка а сагІина бейтира. Тойнийн го дІабирзинчул тІаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цІанбайтархьама. Іуьйранна хьалххехь хьала а гІоттий, цо хІора берана тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хІума массо а хенахь дора. Тешаран доІано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тІе хІоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду. Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доІа де, шайна гІоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доІано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна. Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тІаккха цо доІа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тІера деха ца боху аса.
Выбор основного перевода