Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІутту де. Цаьрца цхьаьна шайтІа а деъна. Стигалша Делан сийлалла гойту. Цо динчу гІуллакхех лаьцна дуьйцу цара. Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо, тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна. Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца, церан аз а дац хезаш. Дерриг а лаьтта тІехула чекхйолу церан лар. Дуьне мел ду дІакхочу церан тоьшалла. Стигалшкахь маьлхана Іан меттиг елла Дала. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. ЦІеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура: «Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу! Дуьнен тІехь Дела реза волчу адамашна машар бу!»
Выбор основного перевода