Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Дала элира: «Лаьтта тІехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хІу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хІора стоьма чохь хІуш а долуш. Оцу хІух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дІахІоьттира. малх хьалаболучу Іуьйренан нур санна, марха йоцучу Іуьйренан нур санна, лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу догІа сецча хуьлу серло санна ю“. Хьайн лакхенгара лаьмнаш Ахь хих Іабадо, Хьан куьйгаша кхоьллинчух Ахь латта Іабадо. Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту, адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту. Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо,
Выбор основного перевода