Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. Хи тІехула сиз хьаькхна Цо, серлонна а, боданна а юкъара доза а къастош. ХІордан хиш Цо, оьланаш санна, гулдина, кІорга хиш Цо шен-шен меттигашкахь сацийна. Лаьмнаш хьаладовлучу хенахь, тогІеш охьайовлучу хенахь, уьш Ахьа царна билгалъяьккхинчу меттиге дІадахана. Сох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХІордана гонах гІамаран доза дІахІоттийнарг Со ву шуна! ХІорд оцу дозанал тІехбаьлла цкъа а дІасабаржийта мегар дац. ТулгІенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгІенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“.
Выбор основного перевода