Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу, цунна тІехула болу къуьда дІабовр бу. Цуьнан чІогІа болар а лахлур ду, шен ойланаша иза вужуьйтур ву. Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тІаьхье хир яц цуьнан, иза Іийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац. Хьан хІоттийна Иза дуьненна Іуналла дан? Мила ву дерриг а дуьненна тІехь куьйгалла деш верг? Нагахь Цо Шен дог даийтича, Шен са а, садеІар а Цо юхадаьккхича, эццахь дуьнен тІехь мел долу адам, хІаллак а хилла, чан хилла дІахІуттур дара. Нагахь санна хьайгахь кхетам белахь, со а хезаш, ас бохучуьнга ладогІа. Бакъйолу кхел ца езаш верг олаллехь хила йиш юй? Нийса а, сийлахь а волу Дела бехке ван йиш хир ю хьан? Іесачун а, зуламечун а ницкъ бохабехьа, церан Іесаллех уьш жоьпе озабехьа, церан Іесаллех хІумма а ца диссалц. «Адаман кІант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дІа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама». Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур. Амма хьан бІаьргаш цІена бацахь, хьан дерриг дегІ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода!
Выбор основного перевода